Нохчийн Республикин "Беза, бовза хьайн ненан мотт" ц1е йолу рог1ера этнографически дикатант йазйарна лерина майда.
20.02.2026Тахана, чиллин беттан ткъолг1ачу дийнахь, Кадыров А. А. ц1арах йолчу Керла-Бенарчу йуккъерчу ишколехь схьайиллира, Нохчийн Республикин "Беза, бовза хьайн ненан мотт" ц1е йолу рог1ера этнографически дикатант йазйарна лерина майда. Диктант йазйеш, боккхачу лаамца дакъалецира 8-11-чуй классийн дешархоша а, церан дайша а, наноша а Цул совнаха, диктант йазйеш дакъалоцуш бара, шайн ненан маттах дог лозуш а, шайн дахар цунах дозаделла хиларх тешна а болу йуьртахой а. Цара ч1ог1а мехала г1уллакх лору вайн махкахь, вайн ненан мотт кхиорна леринчу цхьаьнакхетаршкахь дакъалацар. Диктант йазйаран декъашхоша доккха баркалла элира, шен ненан маттах а, къомах а дог лозуш, вайн меттан сий айдарна а, и кхиорна а хьелаш кхуллуш, орцахваьллачу вайн Мехк-Дена, Россин Турпалхочунна, Ахьмад-Хьаьжин Рамзанна. Дела реза хуьлда цунна! "Вайн ненан маттах дог лозуш, иштта йахь йолу Къонахий мел бу, вайн мотт цкъа а д1абовр цахиларх тешна ду тхо!"-билгалдаьккхира, диктант йазйаран декъашхоша шайн къамелехь.