Горгачу столехь дакъалоцуш бара 8-11-чуй классийн векалш.

15.11.2023

2023-чу шеран лахьанан беттан 15-чу дийнахь, "Кадыров А. А. ц1арах йолчу Керла-Бенарчу йуккъерчу ишколехь", Нохчийн меттан Шарна лерина, 8-11-чуй классашна йукъахь д1айаьхьира "Ненан мотт кхиор-вайх х1ораннан а коьрта декхар" ц1е йолу горга стол. Горгачу столехь дакъалоцуш бара 8-11-чуй классийн векалш. Горгачу столан декъашхоша дийцаре дира вайзаманахь ненан маттаца доьзна лазамедерг а, т1екхуьучу чкъурана ненан мотт ц1ена а, оьзда а бийца 1аморехь ч1ог1а дика тидам т1ебахийта безаш хилараххий лаьцна.