«Бекалахь, ненан мотт, тахна!»

18.03.2023

Берх1итталг1ачу мартехь Гуьмсан к1оштан Кадыров Ахьмад- Хьаьжин ц1арах  йолчу  Керла-Бенара йуккъера  школехь д1адаьхьира  «Бекалахь, ненан мотт, тахна!» ц1е йолу 2023 шо Нохчийн Республика Мехк-Да волчу  Ахьмад-Хьаьжин к1ентан Кадыров Рамзанан  Омрица Нохчийн меттан Шо д1акхайкхорна лерина  цхьанакхетар.

Кхуза кхайкхина бара лерамен хьеший а :

Нохчийчоьнан Гуьмсан кIоштан Керла Бена эвлан администрацин куьйгалхо Мортузаев Яхья Мовсарович,

Гуьмсан муниципальни кIоштан дешаран урхаллин  белхало Хизриев Адам Хакимхажаевич; «Гумс» газета коьрта редактор, поэт, публицист Борхаджиев Хожбауди;

Поэт, «Единая Россия» партин Гуьмсан региональни отделенин исполнительни секретарь Эльмурзаев Усман Данчаевич;

Поэт Алиев Мохьмад;

Журналист, «Гумс» газетан отделан куьйгалхо Сумбулатов Дени;

8-11 классашкара дешархой.

Массаьрга а маршалла а хоттуш, кху цхьаьнакхетаран Iалашо а, кхуьнан мехала хилар хIун ду а хаийтира кхуза баьхкинчарна Нохчийн Республикан хьакъйолчу хьехархочо, къинхьегаман ветеран йолчу Сабуралиева Йиситас. Цо ц1ераш йехира нохчийн исбаьхьаллин литературин юьхь йолош къахьегна болчу йаздархойн, меттан говзанчийн: Нажаев Ахьмад Дудаев Iабди, Айсханов Шамсудди, Бадуев СаьIид, Мамакаев Мохьмад, Мамакаев Iаьрби, Мусаев Мохьмад, Ошаев Халид, Алироев ИбрахIим. Литература кхиорехь кхидIа къахьегнаболчийн:  Айдамиров Абузар, Ахматова Раиса, Ар­санукаев Шайхи,  Гадаев Мохьмад-Селахь, Гацаев СаьIид,  Гайсултанов Iумар,  Дикаев Мохьмад, Джамалханов Зайнди, Рашидов ШахIид, Сулаев Мохьмад, Хамидов Iабдулхьамид, Хатуев Абдулхьамид, Шайхиев 1алвади, Эдилов Хасмохьмад,

Нохчийн меттан шарца доьзна декъалдаран дош кхачийра вайн заманан яздархошка: Абдулаев Леча, Алиев Мохьмад, Акаев Исмаил, Бексултанов Муса, Борхаджиев Хожбаудди, Майрханов Мовла, Нунуев Сайд-Хьамзат, Саиев 1умар, Тугузов Асланбек, Цуруев Шарип. Цо билгалбехира нохчийн журналисти­кехь дика бевзаш болу меттан говзанчаш: Аболханов Хаькам, Барзанукаев Ахьмадан, Сумбулатов Денин, Бурчаев Хьаьлим, Саралиева Табарак, Туркаев Хьасан, Овхадов Муса, Эльдерха­нова Зайнап.

Программа д1ахьушболчу 11 классан дешархоша: Минкаилова Сумаяс, Ахматов Юсупа тидам т1ебахийтира Нохчийн Республика Мехк-Ден Ахьмад-Хьаьжин   Рамзана 28.11.2022 шеран лоьмар 245-г1а (ши б1е шовзткъе пхоьалг1а ) йолу  2023 Шо нохчийн меттан Шо ч1аг1деш арахецначу Омрина  (Указ).

Цара дош делира хьешашна,  йаздархошна. Гуьмсан муниципальни кIоштан дешаран урхаллин  белхалочо Хизриев Адама, йаздархоша : «Гумс» газета коьрта редактор, поэт, публицист Борхаджиев Хожбаудис,  «Единая Россия» партин Гуьмсан региональни отделенин  исполнительни секретарь волчу  Эльмурзаев Усман Данчаевича, поэта Алиев Мохьмада, журналиста, «Гумс» газетан отделан куьйгалхо Сумбулатов Денис а  билгалдаьккхира ишттачу мероприятешкахь йаздархошна а, йешархошна а йукъара уьйраш чIагIлуш хилар, йаржийра маттах йолу тема. Шаьш хьешашна бина кечамаш гайтира литературни цхьанакхетаран  гурашкахь «Нохчийн меттан сийлалла» ц1е йолчу къовсарехь дакъалоцучу дешархоша. Цара кхочушдан дезаш декхарш дара – школьни программица йог1уш йоцу литература, к1егина, нийса, кхеташ йийцар, инсценировка гайтар. Нохчийн маттахь байташ йоьшуш дакъалоцуш  9 дешархо вара. Кхузахь хьалхара меттигаш а баьхна, кхин д1а, республикин т1ег1анехь болучу байт йешаран къийсамашка г1ур болу декъашхой а билгалбехира жюрис.